Бераха зуда а, кхин цхьа стаг а дийна ГIалгIайчохь некъахьовзамехь

Некъахьовзам хилла ГIалгIайчохь «Кавказ» некъа тIехь, Гази-юьртана гергахь, хаам бо Интерфаксо. Вовшахкхетта ВАЗ-2110 а, ВАЗ-2114 а ши машен.

Хьалхарчунна чохь хилла бераха йолу зуда елла. Вийна шолгIачу машенна урхалла деш хилла Нохчийчура вахархо а. Кхин а ши стаг чIогIа лазийна ву. Уьш дIакхачийна лазартне.